Заурбек Хамерзаев - полученные рецензии

Рецензия на «Кхиа оьзда» (Заурбек Хамерзаев)

Оьздангалла йеза-сийлахь хилар говза кхайкхадо авторо шен байташкахь, кхийолчу говзаршкахь.
Ларамца,

Асламбек Гайтукаев   29.05.2022 11:39     Заявить о нарушении
Рецензия на «М1аьчиг» (Заурбек Хамерзаев)

Берашна лерина йаздеш хилар мехала ду. "Берашна лерина йаздийриг - баккхийчарна санна а, кхин а дика йаздан деза", - эрна аьлла дац.

Асламбек Гайтукаев   06.06.2022 13:54     Заявить о нарушении
Рецензия на «Бераллин чам» (Заурбек Хамерзаев)

Жимчу хенах болу дагалецамаш мерза хуьлу, ша бералла мел хала хиллехь а. "Сан бералла хаза а, хала а йара..." - йаздина вайнехан вевзаш волчу йаздархочо. Сибрено лачкъийна авторан бералла, х1етте а иза эрна д1а ца йахана.

Асламбек Гайтукаев   29.05.2022 11:33     Заявить о нарушении
Рецензия на «Олимпе некъ» (Заурбек Хамерзаев)

Хамерзаев литературин говзарш талла пох1ма долуш хилла хилар б1аьрла гучудолу аьлла хета кху йозанашкахь. И болх кхин а д1абахьа безара цо, кхечу вайн бевзаш болчу авторийн говзарш а толлуш. Аьтто хуьлда кхоллараллехь!

Ларамца,

Асламбек Гайтукаев   29.05.2022 11:26     Заявить о нарушении
Рецензия на «Йиш яц вай шинхьарчийн» (Заурбек Хамерзаев)

"...Ца хедаш хIусмашкахь
Доьзалийн ирс, безам, цIе, кхерчан йовхо!.." Иза ду коьртачех цхьаъ!

Асламбек Гайтукаев   24.05.2022 18:17     Заявить о нарушении
Рецензия на «Сихвелла хилла со» (Заурбек Хамерзаев)

Къоман, цуьнца цхьаьна шен а, къиза-хала кхоллам исбаьхьаллин дашца говза схьабилли пох1ма долчу, "дахарехь безамца машар кхайкхабан" веана волчу авторо.

Асламбек Гайтукаев   24.05.2022 18:13     Заявить о нарушении
Рецензия на «Синкхача» (Заурбек Хамерзаев)

Коьртаниг - сапарг1ат а, х1уманна бендоцуш а ца хилар.
Ларамца,

Асламбек Гайтукаев   23.05.2022 21:11     Заявить о нарушении
Рецензия на «Дешарх кхетам» (Заурбек Хамерзаев)

Мотт лела харш готта хилар гойту Хамерзаевс.
Ларамца,

Асламбек Гайтукаев   23.05.2022 21:07     Заявить о нарушении