Сихвелла хилла со

Заурбек Хамерзаев
                Демеев Iалавддина

Сихвелла хилла со баккха
Дуьненчу валаран кхаж,
Биъна ас тIом хиларх накха,
Оьхуш сайн ненаца кIаж.

ТIеман кхаъ бу хийра, шийла,
Аьхка тIедуссуьйтуш Iа,
Боберийн дегнаш чу чилла
Хьовзаеш, малх лачкъош дIа.

Тракторан хьакхарех ийна,
Чан – кегийн хIуьрлахь сан да
Сецира кIен арахь гIийла…
Буьртигах доьлхура кха.

Къизаллин Iаьржа ун даржош,
Гитлера болабарх тIом,
Дуьненчу безаман маршо
Кхайкхаеш веънера со-м.

Ца тоьъна сан аьрга хьекъал
Дехка цу заманахь гай, –
Сох дина тIех деза хIайкал,
Нана, ахь баланаш лай.

Дийкира, садаржар кхайкхош,
БоргIалийн зевне аз Iай.
Бажа санна, кертара лоьхкуш,
Шайн кхерчах бехира дай.
Сов хьажош, вагонийн кепа
Нисбира, тIелаьцна герз.
Аьчкан некъ белхабеш къепал
Яхара, тIедетташ дарц.

Юккъерчу Азин аренга
Доссийра, сийсаздеш, къам.
Бехачу некъан халонгахь
Ле, боцуш каш – лахьтин там.

Сталинна, гойтуш шен лерам,
Берийс хьош жижиг чохь шун,
Тутмакхийн цIийх бина берам
ДIахIоттош, сурт гора суна.

Ижуна тебна борз санна,
Дажало ког боккху байн.
Кхехкийна и адмаш денна,
Мел даарх ца дузуш гай.

Пхьор диъча, карзаха волий,
Хьаькамаш чехабо цо,
Эххар уьш набахте лохкий,
Хьадалчийн гулбо кхин гуо.

Пхьидан йиш зарзарчух къасто
Бераллехь со кхиъна вац;
Меца шад кийрара баста,
Йиъна ас уьшалан шач.

Мила ву кхиэл йинарг буьрса,
Воцуш со кхаьчна ши шо,
Февралехь, чилланан буса,
Винариг сох талорхо?

Иэсан хьагI яц дагах ийна,
Дохорна адмаллин парз...
Лаьар-кха кхелхинчу дийнахь
Даймахкахь бан кошан барз.

Лаьар-кха сов бага хьоьжуш,
Баьччанех ца вазван цхьаъ,
Цхьаволчо къоман сий хьашарх
Харцонца бех ца дан халкъ!

Гитлера, Iаьржа ун даржош,
Латабарх дуьненах тIом,
Дахарехь безамца машар
Кхайкхабеш веънера со-м.