Ма хала хилла-кха

Заурбек Хамерзаев
                Дена Мукина

Ма хала хилла-кха, нахах ца хьоьгуш,
Къахоьгуш гулдинчух доьзал шен кхаба.
Цул хала ма хилла, къуйл хеташ оьшуш,
Гергарчийн дог кхаьрдаш, хьанал некъ ларбан.

Iесачу дуьненах хьанал чекхдовла,
Ийманан Iамалшкахь кхоччуш нисдала,
ГIо делахь хьошалгIахь Iиэха ца дала,
Эхартан Гуттаре декъалъеш, Дела!