Дешарх кхетам

Заурбек Хамерзаев
Юьхьанца ишколехь дешаран кхетам
Шен ненан маттахь ло яхь йолчу къомо.
Нохчашна-м и бакъдерг шеконехь хетта,
Шайн боцчо луш долчу Iехийна соьмо.
               
Пачхьалкхан коьрта мотт оьшуш ду хаар:
ГIуллакхийн урх карахь даржаш цо доькъу,
Цуьнгахь ю рицкъанаш вайн тоден кохьар,
Кегийчу меттанашна цо марчо тоьгу.
               
Цундела мел доккха къоман мотт леш бу,
Пачхьалкхан гIуллакхийн хьаштех и хаьдча,
Хазарийн, латинийн – маса мотт теш бу,
Дуьненан оьмар йовш, Iожалле кхаьчна.
               
Вайн мотт а бац, нохчий, и кхерам байна.
И кхио – хIораммо ша Iамор диэза:
Дош хеташ, хьал-бахам тIелоьхуш санна,
Я кхочушдеш санна АллахIан парзаш!