Кхиа оьзда

Заурбек Хамерзаев
Кхиа оьзда

        КIантана Наурбекана

Ветташ Iункар-бертал лайла,
Ца вуьтуш дIабелла бIаьрг,
Ма хьийзаве Джамаллайла,
ДегIдаьккхина айдархьаьрк!

Ловза бертахь, вовшийн лардеш,
ГIорасизниг  – арахь, цIахь.
Питне вуьйлург цхьаьний сацош,
Кхиа, хуьлуш оьзда нах.

Дагалаца аш дайн кица:
– Ма де къамел кураллица,
Iиттарш ма е, кхехкош собар –
Девне йолу сонта забар.