Йиш яц вай шинхьарчийн

Заурбек Хамерзаев
                Белхан накъосташна-хьехархошна

Малх боцчу дуьненахь
Вайн дахар соцур дара, тешна.
Буьйса, де хийцалуш ца хилча-м,
ЗаьIпалла юссур яра Лаьтта…
Адаман зуьретан тIаьхье йов,
Дацахь стаг, зуда вовшийн эшна,
ХIу – сехьахь, кха –дехьахь, –
Бух и беш, са кхоллар чIагIделла лаьтта.

Йиш яц вай шинхьарчийн
Вовшеха уьйр а хаьдда лела.
Вай цхьаьнакхетча бен
Ца техка аганахь, доь денлуш,бераш.
Мохан хIо, сагалмат ца хьакхлахь, –
Заз датIар хуьлуш ду эра, –
Iахара заз хилла
Дахарехь, варийлаш, чекхдовла кхера!

БIаьстенан суьртахь гуш
Шу хиларна, зударий, сайна,
Декъал до аса шу,
Ца къастош куьцашца: лекха я лоха.
Дехийла шу гIоза,
Нохчийчохь мел йолу, хин йолу Нана,
Ца хедаш хIусмашкахь
Доьзалийн ирс, безам, цIе, кхерчан йовхо!