М1аьчиг

Заурбек Хамерзаев
МIаьчиг

       КIантана Казбекана

Ийзош цIога, къуьйлуш мара,         
МIаьчиг пису хьоьстуш вара, –
Цицко ловзуш тесна мIара,
КIант воьлхуьйту, цостий мара.
Муьшкаш ярца, карзахваьлларг,
Дагалаца дайша аьлларг:
«Цицкана – ловзар,
Дехкана – балар», –
Сонта ловзарх долу лазар.