Синкхача
Цхьаволчо соь олу:
– ХIун хIоьттина хьоьга,
Де, буьйса ца къастош
И йозанаш хьекха?–
Уьш доьшуш наггахь вац,
Ма эрна къахьоьгу,
Цул, аравалий, хьайн
Аттана буц хьекха!
Йол гулъян ницкъ бацахь,
Метиг тоха беша
Я мах бе базарахь,
Iемаш йохка-эца!
Байтех ма хьанлур вац-кх,
Чуьра хаьдча маша,
Сом ца ло хьайн стихаш
Сихха пеша хеца!
Жоп ло ас сайн дагахь:
– Iужа, хьо-м бакъ лиэра,
Хьо санначу IуьтIанийн
Хьуо хиларна эла.
Ма дийби хардангаш,
Бежалой, тхан Дела!
Дуьне дIалеIа ю те
Къонахийн къелла?!
Дуьненан зовкхашца
БIаьрг хьостий бахамо,
Iехалуш довлу вай
ТIаьхьлонан синкхачех:
Саъ ма ду, дегI санна,
Кхиош шен рицкъано,
Шен паччахь – Iеса дегI
Лардеш жоьжахатех!
Бу адман кхетамна
Маршо лург синкхача…
И кхуьу дешарца,
Iилманца, тассамца,
Оьздачу гIилкхашца,
Хьанал къахьегарца,
Вовшашца барт болуш
Далла ен Iамалца!