Къона серлончаш
Царех уггаре а жигара декъашхой бу: Багаев Ризван ,Хасуев Ахьмад,Дукаева Пет1имат,7- чу гимназера ,Юсупова Пет1амат,106 –чу школан дешархо.
Церан цхьайолу байташ еша таро ло шуна тхан литературни тобано.
Багаев Ризван ,8-г1а класс,гимназии №7
Нана
Массарел хьомениг,
Массарел диканиг,
Массарел хазаниг-
Х1оранан нана ю!
Аганахь техкийнарг,
Халонаш лаьхкинарг,
Безамца кхиийнарг-
Догдика нана ю!
*** *** ***
23 февраль
23-г1а февраль,и ирча де!
Шийлачу 1уьйранна,
Набарха а дохуш,
Адамаш , баж санна ,
Ц1ера ара дохуш,
Доьлхура жил1алам
Лайн чимийн дог1анца.
Йоьлхура Дег1аста,
Дала доцуш орца.
23-г1а февраль.И къиза де…
Дицдала ца туьгу и ирча де.
*** *** ***
Даймехкан дог
Даймехкан дог ,аьлла,
Шена ц1е а тиллина,
Хан –зама д1аяьлла,
Г1алахь маьждиг диллина.
Исбаьхьа и Делан х1усам,
Серлайолий лепа буса,
Воккхаве, со нохчо волуш,
Дехийла вай, иман долуш.
2012 шо
Дукаева Пет1имат,7 класс,гимназии №7
Даймохк
Сан Даймохк!Нохчийчоь!
Езний те хьо цхьанне суначул дукха?!
Йоккхае!Дозалла деш а хьох ю со!
Хьомсара сан Даймохк!
Хьан хаза бай-бецан даренаш,
Хьан шуьйра,йистйоцу аренаш,
Хьан бела-баьццара хьаннаш,
Хьан баххьаш ирхъихна лаьмнаш
К1ордор дац иллешкахь хесто
Я дог а 1ебар дац , хесторх!
Хьомсара сан Даймохк!
Нохчийчоь!Сан дагчохь ю хьо!
Хьан дуьхьа са яца а кийча ю.
Хьо кхиа,хьо хазло,ц1ен ровзан санна,
Сан Даймохк хьомсара ,Нохчийчоь-Нана!
2011 шо
Хасуев Ахьмад,8-г1а класс,гимназии №7
Сийлахь Нана,
Дика ю хьо,
Къинхетаме
Малик санна.
Комаьрша ю,
Г1а-буц санна,
Ц1ена а ю ,
Х1аваъ санна!
*** *** ***
Юсупова Пет1имат ,школа №106
Ахьмад-Хьаьж,хьан некъан сийдо!
Дуьненна евза хьан ц1е!
Нохчийн къоман дахар тодан,
Ца кхоийра ахь хьайн са.
Бакъо лоьхуш ,нийсо лоьхуш,
Кьинхетаме вара хьо,
До1анашкахь Даймохк боьхуш ,
Машар лоьхуш вара хьо.
Ахьмад-Хьаьж,хьан некъан сийдан,
Оха еза ч1аг1о йо,
Ойланаш дикане кхийда,
Хьан дахарех 1ема тхо.
*** *** ***
Кху дуьненахь уггаре а
Мерза дош ду Нана!
Лууш ю со гутаренна ,
Цуьнан сийдан 1ама.
Къинхетаме дог ца кхоош,
Кхиабо цуо доьзал,
Сатийсамаш кхочуш хуьлуш,
Ехийла и г1оза.
*** *** ***
Стигал сирла ц1ена ю,
Малхо з1аьнарш етта.
Со сурт дилла 1емаш ю,
1аламах б1аьрг бетташ.
Аре сийна,шера ю,
Баьццара бос эцна.
1аламах сурт тера дан,
Ас басарш а эцна.
2013 шо
Свидетельство о публикации №113071907679
Попробовал сделать небольшой перевод с чеченского.
Было непросто, но интересно.
Сердце родины. http://www.stihi.ru/2013/07/22/7391
Успеха Вам!
Дмитрий Волжанин 22.07.2013 19:27 Заявить о нарушении
Тронута Вашим неравнодушием к творчеству юных талантов Чечни!
Уверена,мой ученик будет очень доволен вашим трудом.
С уважением,
Петимат Абубакарова 24.07.2013 00:14 Заявить о нарушении