Долаяллалц на чеченском

Долаяллалц, гIенах гира,
Долаяьлча, пах сенбира.

Ийна яллалц, са кIамдира,
Ийна яьлча, и малдира.

Яханчуьра ян ца кхеташ,
Хийла буьйса  байлахьора.

Ойла екъа адам эшча,
Невцан баьрччехь карайора.

Долаяллалц, гIенах гинарг,
Долаяьлча, пах сенбинарг.


Рецензии
Ма-дарра ма дийца,Лема. Зударий хьайна дуьхьалбаха воллу хьо)))
Дика х1оттийна сурт ду...Дукха хьолехь дан а ду иштта!

Петимат Абубакарова   21.10.2014 22:21     Заявить о нарушении
Хьехар дикачарех ду. Луьттур ду.
Лерамца,

Ибрагимов Лёма   28.10.2011 22:36   Заявить о нарушении