Ильмади Цоккуев - полученные рецензии

Рецензия на «Ша д1абожабелла» (Ильмади Цоккуев)

1ильмади Цоккуев х1инцца йаздан волалуш волу поэт вац, х1етте а цуьнан башха байташ кхузахь кароро доккха хазахетар деа.

Пайден хьехам шайца болуш, вайн дахарера лазамаш-сиркхонаш бахьанехь ойлайан кхойкхуш, цуьнца цхьаьна орца дохуш йу уьш. Цундела и мог1анаш дешначунна ша хан эрна йайина аьлла муххале а хетар дац, мелхо а беркат эцалур ду царах.

Вайн къоман мотт бу цаьрца, аьхна, мерза, хьоле, муттане болуш... 1ильмадин байташ - ношйелла поэзи йу. Царах марзо иэца мегар жимачо а, воккхачо а.

Асламбек Гайтукаев   06.06.2022 13:51     Заявить о нарушении
Рецензия на «Г1иллакхан аматаш» (Ильмади Цоккуев)

Дуьне латточех дош!

Ларамца,

Асламбек Гайтукаев   01.06.2022 18:09     Заявить о нарушении
Рецензия на «Цхьа де дог1ур ду» (Ильмади Цоккуев)

Автор дахарехь доккха зеделларг долуш хиларо, исбаьхьаллин дош а цунна довзаро аьтто бина цуьнан деца-ненаца вон хиллачунна т1ех1отта герга дерг дика схьагайта.

Асламбек Гайтукаев   01.06.2022 18:04     Заявить о нарушении
Рецензия на «Б1аьсте йолуш» (Ильмади Цоккуев)

Авторо чу са диллина 1аламна. Дукхах долчу адамаша тидам ца бечун тидам а беш, говза сурт х1отторца дуьйцу Дала кхоьллинчу 1аламах, б1аьсте йолчу муьрах лаьцна.

Асламбек Гайтукаев   01.06.2022 18:00     Заявить о нарушении
Рецензия на «Нана човхий цхьамма,» (Ильмади Цоккуев)

Дика т1е1аткъам бийр болуш, говза х1оттийна ду дахаран сурт. Хьал - орца дохуш ду, вай дерриге ойлайан кхойкхуш. Шен дагах чекхбаьккхина авторо и лазам.

Ларамца,

Асламбек Гайтукаев   31.05.2022 14:25     Заявить о нарушении