Нана човхий цхьамма,

Нана човхий цхьамма,

Нана 1адий цо.

Дича кхин ца маггал

Вониг ди-кха цо!

Чухула садие1ар

1инчу кхоьсси цо.

Хилла дегайовхо

Шийла-шелйи цо.

Кевнан ц1овзам ларбеш

Сема 1ийна ерг,

Массо вонах ларвеш

Гонах хьийзинарг,

Човхо эхь ца хийти,

Холчах1отий,--эх1!

Ненан дог 1овжийча

Ца хии дуй эхь.

Толам цунна белла,

Нана-м 1адда1ий...

Несан б1аьрахьалха

Ма делира-кх и!

Чекхсагайти... шиннех(!)

(Хаац лалурий!).

Ишттачуьнгахь марехь,

1ан а дог1урий?

Ламаз юкъахдаккха,

Нанас мохь тоьхча-1,

Магийтина хилча,

Васхиларх ларйеш,

Ма къахьарчий к1анта,

Оццул к1оршаме

Хилавелла цуьнца...

Х1ай, хьо доккха эхь!

1-Бусулба дино магадо нанас арара чу

мохь тоьхча ламаз юкъахдаккха, цуьнан хьурмат гучудаккхархьамма


Рецензии
Дика т1е1аткъам бийр болуш, говза х1оттийна ду дахаран сурт. Хьал - орца дохуш ду, вай дерриге ойлайан кхойкхуш. Шен дагах чекхбаьккхина авторо и лазам.

Ларамца,

Асламбек Гайтукаев   31.05.2022 14:25     Заявить о нарушении