Бераллин мур-дахаран шатайпа нур!
1аьнан сурт
(1986 шарахь «Стела1ад» журналехь зорбане йаьлла)
1уьйре йог1у денна шийла,
Аре дахкаро йо к1айн.
Дашо малх а хьоьжу г1ийла,
Детих лепош пардо лайн.
Берийн ловзарш чудирзина,
Хиш т1ехь бина буто ша.
Олхазарш а декац вайна,
Бошмашкахь а дижна 1а.
1аьнан туьйра
Ло оьгу, ло оьгу…
Чимаш ду къиэгаш,
Хьуьнаре хьийзарца
К1айн маша буцуш.
Ло оьгу,ло оьгу,
Кораш т1ехь сиэгаш
Пардо ду ж1амаршца
Туьйранаш дуцуш.
Ло оьгу, ло оьгу,
1алам ду дегош,
Цу к1айчу кхакханан
Кетар т1еийзош.
2002 шо
1аьнан самукъа
Дато хьесийн чимаш лайн,
Каде хьийзаш, 1ена дайн...
Кегийчара кхаьънаш доху:
-Арахь дуьххьара ло дог1у!
Марша да хьо, сирла 1а,
1алам даьккхи карла ахь.
Бераш уьду, даккхийдеш,
Дуьххьара ло къобалдеш,
Церан дегнаш деладелла:
Салазан мур болабелла.
Декъал хуьлда, керла ло,
Берийн хьох сакъерало!
Вахас бетта шийла мохь
Лере оьхьуш, ц1ийза мох...
Хьасан водий, вужу лайла,
Лайнчимашца ловзу Лайлаъ…
Самукъдаьлла, уьду бераш,
Некъаш х1инцале ду шера!
Б1аьстенах тера
Заза ца даьккхинчу
Б1аьстенах тера
Хетийца ло доцуш
Деана 1а.
Беркате хуьлу и,
Диллича ло,
Набъйечу 1аламан
Садиекхало!
* * *
1а ду арахь, амма стигал йекхна,
Дуьне ма-дду даржош цинцаш маьлхан,
Девли техьа дорцан мехаш хьекхна?
Дитташ а ду лаьтташ х1инцаъ цхьалха...
Гуьйренан цхьа бутт а лачкъош, хьалххе,
Хьоьрсуш дато дорцан буьртигаш,
Дог1уш, деана 1а буьрса, чолхе,
Д1адай, къовлуш мехийн бертигаш...
29.12.2011
Б1аьсте
Б1аьсте йеъна, стигал йекхна,
Схьа ц1акхечи човкарчий.
1аьнан мехаш девли хьекхна,
Д1адай к1айн лайн полларчий.
Дитташ а ду патарш хоьцуш,
Зазла йахна г1аммаг1ни,
Шортта беркат ду-кха хьоца,
Б1аьсте! 1алам г1аддахна!,
Х1илла (басня)
Доллу дехкий схьагулдина,
Цициго цаьрга д1ахьедина:
-Х1инца со ду тиша,къена,
Валар а дац ,гарехь, гена,
Лелийнчунна дохкодаьлла,
Массарна къинт1ера даьлла.
Эццахь дехкий 1ехаделла,
Кхунна хьалха парг1атдевлла.
Тешшийтина,цициго аьлла:
-Х1инца гайтал суна чехка,
К1а 1енорна бериг бехке!
Т1аьхьа кхийти цунах дехкий,
Къеначо уьш д1асалаьхки.
Цициго хьовзийнариг хилла,
Шена дехкий даа х1илла.
Хаза хабар дуьйций хьоь,
Х1илла долчо дойъу доь.
Машаре кхокха
Цхьа декъазчо,1ад а тоьхна,
1уьллу кхокха, де а доьхна,
Экама дег1 дэгадеш,
Б1аьргаш-туьтеш хебадеш.
1уьллучура т1емаш хецна,
Дайн куьг тухуш,схьа а эцна-
Хьулбира и раг1у к1елахь,
Кхочур доцче цициг, ж1аьла.
Т1аккха Йоккха-бабас хьехна,
Говза дарба чевнна дира.
Ц1енчу шаршух киса лехна,
Морзийца т1ам лийчабира.
Х1ора денна меттабог1уш,
Дика дег1е г1ора дог1уш,
Г1аьттира и кхокхех ийна,
Даржадина т1емаш сийна.
Лепаш йара стигал-даре,
Олхазарийн пана-аре,
Йеъна кхаьчча тийна суьйре,
Бен чу боьрзий и д1атоьра.
Бераш,дац-кха х1ара туьйра,
Кхокхий шух мел ч1ог1а кхоьру,
1едаш-герзаш д1а а дахий,
Хьовса цаьрца бертахь даха!
ЗАЛУБИКИЙ, МАЛУБИКИЙ
Ши йиша йу суна йевзаш –
Залубикий, Малубикий.
Залубика йу тIахъаьлла,
Стелахьаьштиг дицдеш ша:
«Чкъарх» олий, чу горгам хьокхий,
ПхьегIаш юьлий, дахьий хи,
Иштта дезарш тIерадохий,
ПаргIат йолу тIаккха и.
Мукъайолий, ца Iа Iад
Хуьлу доьшуш «СтелаIад».
Ткъа кхин амал – Малубика,
И цIе а йац цуьнан дика.
Делкъалц наб йой, хьалагIоттий,
Шена йуззалц хIума йуий,
Лаьтт-лаьттачохь пхьегIаш юьтий,
Текхий, ловза йоьду и…
Арахь лелий,ч1ог1а х1уттий,
Йуха а д1айуьжу и…
Мало йо цо школе йаха,
Йа ца доьшу «СтелаIад».
Йуучохь-м и йолу хьалха,
Дукха ч1ог1а йоьдий г1ад!
Доттаг1,хаттар ду сан хьоьга,
Йевзий хьуна и ши йо1?
Нагахь йовзахь, ала соьга,
Царех муьлханиг йу хьо?
Кхайкхам
-Орцадала, орцадала!
Акхарой,схьагулло чехка!
Мина иккхи,
Хьун йу йогуш,
Цо лазийна дийнаташ!-
Орцадохуш, хьун 1адийна,
Чаг1алкх уьду,тентагйаьлла
Йухаъ хеза йолуш г1овг1а,
Лерехь ц1ийзаш,
Шакарш йетташ,
Гаьргаш кхийти
Диттан г1одах:
Шен бен буьтуш
Тарсал йеди;
Пхьагал ,йахна,
Иккхи боьра.
Д1асахьаьвдда акхарой,
Доьхна хьийза пекъараш.
Тийналла д1ах1оьттира
Хьуьнхахь 1аьржа-юькъачу.
Х1инца хеза лоьман аз:
-Х1ай, кху хьуьнан,
Аьрха бераш,
Шайга аьлларг
Аш ца до,
Хьуьнхахь эккхахь
Мина,бомба.
Шу д1аловчкъа сих ца ло!
Д1асаидча,синтем байна,
Зенаш алсам хир ду вайна.
Ас кхин цкъа а дуьйцу шуьга,
Ларлуш хила дог1уш,доьлхуш…
Хьовсал зуьне,зингаташка
Цара шайга аьлларг до.
Цундела уьш Везчу Дала
Зенах-зулмах лар а до.
Ц1еналла ю могшалла
Бераш,бераш, ц1ена лела,
Ц1еналла йу могшалла!
Саба хьокхуш, куьйгаш дила,
Арий-чуй мел девли шаьш.
Г1овтуш-дуьйшуш цергаш йила,
Лергашна а доладе.
Метта довлуш, когаш била,
Гатанца уьш бакъабе.
Шен-шен хенахь-к1ирнах цкъа-
М1араш шайн д1ахедайе;
Корта била, дила куьйгаш,
Боьха лелахь, хир вац могуш!
Кхин цхьа х1ума хаа деза:
Даим шен-шен хила йеза
Щетка,коьртах хьокху йехк,
Гата а шен лелон деза.
Ц1еналла массарна йеза,
Могуш хир ву ц1ена верг.
Аьхке
Аьхке йу йуха а арахь,
Мангалан бутт бовха бу.
Берашна - самукъадала
Мел оьшург гонаха ду.
Мерза ю бешара баьллаш,
Туьркийн чам шатайпа бу.
Дитташ т1ехь самукъадаьлла,
Олхазарш шок йетташ ду.
Башха ду аьхкенан 1алам,
Массанхьа - баьццара буц.
Къегина, токхе йу аре,
Зезагех даьккхина куц.
2013 шо
Йишин шина к1антана лерина.
Дадий, Бабий долчу эвла,
Воьду, мукъа денош девлла,
Д1айалале, д1айахале,
Ховха аьхке, хаза аьхке.
Кхузахь дезарш хуьлу гуттар,
Уьш кхочушдой, тхойша х1утту,
Д1айалале, д1айахале,
Чехка аьхке, токхе аьхке.
Г1о до Дадина, хас охкуш,
Бежнаш, эсий хи т1е лохкуш,
Д1айалале, д1айахале,
Йовха аьхке, тайна аьхке.
Бабин а самукъадоккху,
Куьрка таса дечиг доккхий,
Д1айалале, д1айахале,
Токхе аьхке, хаза аьхке.
Ч1ог1а бертахь хан а йоккхуш,
Дадин, Бабин самукъдоккху,
Шина к1анта д1айахале,
Д1айалале башха аьхке.
Довза 1алам!
Олхазарш ду, бераш,тахна,
Вайна ч1ог1а оьг1аздахна,
Цахаарна ц1ераш шайн,
1алам д1атасарна вай.
Дитий тайнигашца ловзар,
Арадовла - 1алам довза,
Же, ма 1елаш, каде хьовза,
Къастор ву шух вериг говза.
Хьанна девза леча,маккхал,
Г1ирг1а, дарта,хенак1ур?
Хуучара , кхин ц1е йаккхал,
1алам дезарг- вайна гур.
Алал, х1ун ю к1айдарг, баппа,
Ц1ен-лерг, алзам, алц1езам,
Х1ун ю т1аккха хьайба, шаптал,
Динберг, ц1азам, боьразам?
Хаьий шуна х1ун йу экха,
Салор, д1ама, бецапхьид?
Йевзий шуна ту-сай, текхарг,
Набард1ама, уьнт1апхьид?
Дийцал аша, х1ун йу сосакх,
Тарсал,г1ела, ц1оькъалом?
Хезний ц1ераш-тоти, тодакх,
Дингад, була, шаткъа, лом?
Сан доттаг1ий, хьоме бераш,
1алам дицдай кхин ма 1елаш.
Кхин цкъа иза оьг1аздодахь,
Цуо т1ехоьцур бу шен бода.
Сагалматийн а, олхазарийн а дуьненахь
-Полла,полла,къорза Полла,
Ахьа стенна бетта лолла?
-Къа ца хьегча со ца болу,
Цундела ас аре толлу,-
-Зингат,ахь х1ун леладо?
Хьайл мохь стенна текхабо?!
-Къа ца хьегча со ца долу,
Зингато а соьга олу.
-Накхармоза, накхармоза,
1енош бацалара заза,
Бина букъах денна х1оз,
Стенна гулдо ахьа моз?
Накхармозо соьга олу,
Къа ца хьегча ша ца болу.
Ишта ду 1аламан г1иллакх,
Къинхьегам цуьнан бух хилла-кх!
Бераш,хьоьгуш хилахь къа,
Латор дац вай цхьа а къа.
Ч1ег1ардикийн къамел
Раг1у к1елахь, суьлхьа доккхуш,
Хиъна 1ачу Бабин лерехь
Хезаш, иза цец а йокххуш,
Ч1ег1ардикийн къамел дара:
-Кьилбехьара тхо ц1а кхечи ,
Дахьаш беркат «Ч1и-ч1и,ч1и-ч1и».
Даггара тхо т1е ма леци
Х1усамдайша «Ч1и-ч1и,ч1и-ч1и»!
Дендеш поппарх дина баннаш,
Гуотуьйсур бу «Ч1и-ч1и ,ч1и- ч1и».
Вовшийн йохье дуьйлуш денна,
Кьахьoьхьур ду «Ч1и-ч1и,ч1и-ч1и».
Хьийзар ду тхо х1ора кертахь,
1уьйре денйеш,«Ч1и-ч1и,ч1и-ч1и»
Х1ара тайна аьхке бертахь
Д1ахьур йу вай «Ч1и-ч1и,ч1и-ч1и".
Соьлжа-г1ала
Хаза кхиъна Соьлжа-г1ала,
Зазлахь лепа урамаш,
Сан дог дог1у хелхайала,
Хезча иллин мукъамаш.
Суьйренаш мел сирла йог1у,
Х1ораннан дог деладеш,
Нохчийчоь хазйелла йог1у ,
Йуг1уш бошмийн керла беш.
Хаза кхиъна Соьлжа-г1ала,
Массанхьа - хиш-апареш,
Сан дог дог1у илли ала,
Хьоме Даймохк хестабеш!
2011
Раянина лерина
Ловзарш дуьтуш берийн бешахь
Ишколе со йеъна, деша ,
Со-м йоккхайай, йалх шо ду сан!
Къахьоьгур ду дийнахь-буса,
Хьехархо йеш сайна реза,
Шардийр ду ас дешар-йоза,
Х1ора дийнахь дог1уш пхиънаш
Делор ду ден-ненан дегнаш.
1амор ду вайн къоман г1иллакх,
Коьрта мехала и хилла-кх,
Толлур йу вайн мехкан хазна,
Декъалхилла Даймохк безнарг!
Сихха сахилахьара
Сихха сахилахьара,
Малх схьакхетахьара,
Со Наница хьаьдда,
Школе г1ур йу йедда.
-Х1ун дийр ду те, Нана,
Са ца хилахь кхана?
Йуьсур ма йу школа,
Тегна коч а шола.
Вайна са ца тасахь,
Х1ун дийр ду те аса?
Хир йац дешархо сох,
Гур йац хьехархо а…
Дависа хьан,1уьйре,
Хилий башха туьйра,
Йола шадерг дитий,
Суна-м наб ца кхетий.
Ойланаш йеш сема,
1иллира йо1 сема,
Йеъна кхечи 1уьйре,
Шеца къагош гуьйре...
Ца йисира школа,
Тегна коч а шола,
Хили дешархо а,
Йевзи хьехархо а.
Г1ан
Сийна лаьмнаш,
Дато хиш,
Маьрша хьаннаш,
Джовхарш-тхиш.
Стоьмийн бошмаш-
Заза к1айн,
Хеза эшарш-
мукъам байн.
Маьлхан деши-
1ени Лаьтта,
Лам-Ша беши
Оцу сохьта...
Йог1у - йоьлуш
Дашо хан,
Гуш со 1уьллуш,
Дайра -г1ан…
2005 шо
Книжка
Книжка-пекъар цхьалха йисна,
Цхьаммо иза йоьшуш йац.
Интернетца з1енаш тесна:
Компьютер бен оьшуш йац.
Комьтютерца дов дац цуьнан,
Керладолчун мостаг1 йац ,
Амма ша ца йоьшучуьнан.
Книжка йанне доттаг1 йац.
Книжка йешар д1а ма таса!
Цуьнца доьзна ду вайн ирс!
Доттаг1ашка ала ду сан:
И бу 1алам толлу г1ирс!
Берийн бешахь
Тайниг
Ц1енкъахь 1уьллу жима тайниг,
Чурадаьккхина куьг- ког.
Хьанна, жимниг, хьо ца тайна,
Хьенан хьох ца лези дог?
Х1инца дийр ду ас хьан дола,
Куьг а , ког а хуттур ду,
Хьожур йу хьан дахар кхуола,
Ирсе дуьне гойтур ду.
Бекъа
Дадас суна бекъа эцна,
Бора бос бу, лепа кхес,
Х1инца иза хи т1е эцна,
Г1ур ву, тиллина к1айн пес.
Бекъа ловзуш , ц1ингаш бетта,
Жима дошло д1асаветташ.
Газа-гуьзалг
Бабин газа-гуьзалг йахна
йажа-кажа кондаршка,
Сарралц Дадас, Бабас лехна
кара ца йеш бодашкахь.
Х1ун дан деза ц1а ца йаг1ахь,
Холчохь Бабий, Дадий ду.
Дега, нене а ца хоттуш,
Цхьанхьа а ма г1олаш шу!
Бад а бедан к1орнеш а.
Де ду кхехкаш,
Малхах детта,
Бад йу техкаш
1ам чу йедда ,
Т1аьхьа йаьхна
К1орнеш шен,
Дерриг даьхни
Цуьнан - к1айн.
Сай
Курра лела сай,
Хьоьшуш сийна бай,
Хьовсал, цуьнга , х1ай,
И мел каде бай!
Хи йистехь
1уьйрре г1аьттина, шен Деца
К1ант вахана ч1ерий леца.
Х1инца ву и буг1уш м1ара
Лаца дагахь чабакх-ч1ара.
Мимша
-Нанас суна балийна ,
Эцна эса далийна
Х1инца деза Мимша кхаба,
Денна мийлош шурийн кхаба.
Сан мукъа хан хир а йац.
Соьга х1ара лалур дац,-
Дагахь ойла йора к1анта,
Набъозийра дечкан г1антахь.
Г1енах гира: Мимша дийна,
Самаваьлча-м-дара дийна.
Хилла ч1ог1а цунах кхаъ,
Ч1аг1о йира цуо кхин цхьаъ:
Дика эса Мимша кхаба,
Йаош дуьйраш, шурин кхаба.
Туьйра-г1ан
Буьйса йеъна, бода бахьаш,
Седарчашца бода сегош,
Бераш дийша ма ца даьхьа,
Орцах кхойкху шайн дендега…
Дадас вог1ий туьйра дуьйцу,
Бераш набаро д1алуьйцу,
Керла туьйра-хаза г1ан,
Дог1у т1аккха кхарна ган.
Ваха
Уьйт1ахь хеза херхан г1овг1а,
Кертахь цхьаммо йетта ж1ов,
Же, д1асовца, вижна Ваха
Самавалахь- хир ду дов.
Светофор
Новкъахь лаьтта светофор,
Летош кхаабесан кор,
Вог1уш-воьдуш,сих ма ло,
Тидам биэ, ца йеш мало.
Нагахь леттий стогар ц1иен,
Ког ма баккха, собар диэ,
Серладели можа кор,
Х1инца а хьо д1а ма г1уо..
Баьццара б1аьрг серлаболу,
Х1инца парг1ат дехьаволу.
Х1ун йу иза?
-Х1ун йу иза, Нана?Х1ун йу иза?-
Хоьтту шо бен доцчу к1анта нене.
Хир дац нанна х1ума к1антал деза,
Кхето хьожу бер, ца хьоьжуш хене.
-Стигал йу и, д1о боьдург бу кхокха,
Олу, цуьнан б1аьргаш хьалахьаьжча,
Машен йу и "бум" деш йоьдург новкъа,
Жоп ло йух-йуха цуо "х1ун йу?" аьлча.
Зезаг, буц а, дитт а, доьжна заза
К1антана ду шадерг тамашийна.
Т1ома боьду полла, накхармоза
Гойту, дашо п1елг шен т1ехьажийна.
-Х1ун йу иза, Нана, х1ун йу иза?-
Хоьтту беро, дахарх дуола 1емаш,
Ахь ло башха жоьпаш цунна хеза,
Хаттарна т1едовлу керла т1емаш.
2013
Буьйса
Буьйса йеъна кхечи схьа,
Боданца де хьулдина,
Стиглахь лепа беттаса,
Седарчийн вой гулдина,
Сарралц баьцна 1аламна,
Малх х1оьттина, бижина .
Дукха идда, г1елделла,
Бераш а д1адийшина.
Бос
Дара тхан цхьа жима к1еза,
Суна ч1ог1а дукхадезаш,
Месал лергаш,1аьржа бос,
ц1е а йара цуьнан Бос.
Тхо д1адоьлхуш, т1амах девдда,
Къаьхкина ,и герзах дедда...
Шайна гинехь жима Бос,
Цунах соьга йазде дош.
К1антана
Бисмиллах1и дукха доьшуш ,
И хьан ага техкадо.
Леррина сан б1аьра хьоьжуш,
Ахь т1аьхьара г1ам-г1им до.
-Кхиа маьрша, лела ирсе ,
Хьо сан к1орни, леча сан,-
Айаташца хьоьстуш лерса,
Аса иллийн тема до :
«Сан беркате до1а ду хьо,
Цу асхьабийн орца ду хьо,
Сан дахаран къилба хаздан
Дала дина совг1ат ду хьо».
Хеназа кхелхинчу дешархочунна,
Никаев Тарханна лерина.
Кхана хьо ц1а хоьцуш вара,
Б1аьстенна, сада1а аьлла,
Хьоь хьоьжуш 1ожалла йара,
Д1адай хьан дахар, тапъаьлла.
Мел дика доьшура школехь.
Вара цхьа эсала к1ант,
Вуьйцура, дика ву олий.
Дасдели классан цхьа г1ант.
Экама лелавеш нанас,
5-чу классе хьо вели,
Догдоцчо йоьллина мина
Иккхина, зулам совдели.
Х1ун дер те виначу нанас?
Цуьнан хьо цхьаъ бен вац боху,
Цуо хьуна лийрина кхане,
Ма ч1ог1а, ма сиха йуьйхи.
Х1ун бехк бу жимачу к1ентан ,
Х1ун бехк бу кегийчу берийн,
Х1ара зулам чудеъначеран
Шайн дан а дац техьа бераш?
Г1абецан т1едожар лоьруш,
Нисдина бекхаман гуораш.
Низамхой, дуьненан лоьраш,
Харцо йеш шуна ца гора?!
Бакъонан дай орцахдовлий,
Х1аллак ма хилийта дахар!
Хуьлучун цхьаьна йай ойла,
Орамаш т1еман бухдаха!
23 март ,2005
Буьйса а, де а
-Буьйса,хьан ц1е х1ун ю алахь?-
Т1аьхьара ца долу Де,
-Буьйса йу-кха, гена далахь,
1аьржа кирхьа зарз ма де.
-Ткъа селхана хьан ц1е йарий?-
Къар ца дала г1ерта Де.
-Селхана а Буьйса йара-кх,
Кхин соьга хаттар ма дие.
Дийно курра цуьнга олу,
Цхьа самукъа шеха долу:
Шен доьзал цуо дагалуьйцу,
говза х1ораннах а дуьйцу:
Сан Да -Шо ву, суна везаш,
Нана-Бутт бу, цунна къежаш,
Батто кхобу х1ора де,
К1иранде йу церан з1е.
Оршот дог1у хьалхара,
Цунна т1аьхьа- шинара,
Дог1ий кхочу Кхааре,
Ткъа не1арехь- Йеара,
П1ераска де-сирла 1ийда,
Шуота к1ирандийне кхийда.
Иштта башха ц1ераш йолу
Де ду шех самукъадолуш…
16.12.2011
Къуьрдиг
Дадин, Бабин котам яйна,
Ши-кхо к1ира даьлча д1а,
Хиъначуьра цхьанхьа тойна,
Йеъна Къуьрдиг кхечи схьа.
Нана- котам йог1у хьалха,
Цуьнца цхьайтта к1орни ду,
Тера ду уьш ч1ог1а малхах,
Х1ора дашо, горга ду.
Къуьрдиг уьду царна гонах,
Х1ора к1орних йоккхайеш,
Лардо нанас ципеш вонах,
Цициг,ж1аьла къехкадеш.
-Къуьт1-къуьт1-къуьт1,схьагулло чехка,-
Котам кхойкху, тускарх техкаш.
М1араш туьйсуш , кегош ченаш,
Чхьаьвриг лаха к1орнеш 1ема.
Сайд-Муххьамадна
Пхийтта шарал сов д1атийна,
Дуьнен т1е ца вог1уш 1ийна
Жима Къонах вовза лаахь,
Дуьло тхоьга , той вайн даа.
Сайд-Мухьаммад ву т1ех говза,
Х1инцале "компьютерх" ловзу.
Садаржале, г1оттий 1уьйрре,
Дезаршца и волу уьйре.
Д1айолайеш дийнан йуьхь ша,
Бишешца цуо йуьлу йуьхь шен.
Щетка къуьйлуш жимчу буйнахь,
К1амдо доьлаш, 1енош туйнаш.
Ца дойтуш кхин шега дехарш,
Воьдий х1утту кего пхьег1аш.
Бакъду, хуьлу везаш човхо,
Даош шурин худар довха.
Хьехар дина баккхийчара,
Лелабо чохь хьайбан сара,
Сайд-Муххьамад вон ца лелахь,
Сара ахьа хьа ма белахь.
Нохчийчоь г1аьтти
Нохчийчоь денна,
Евзаш дуьненна,
Го йелайелла!
Заманах йоьлла,
1илманехь тоьлла,
И йолайелла!
Майданаш йаьхна,
Бос тайна, аьхна
Зезагаш къиэга.
Маьлхан нур мелла,
1алам денделла…
Мукъамаш диека.
Мог1арехь лаьтта
Сакъона дитташ,
Урамаш ц1индеш.
Дайх дисна Латта,
Нохчийчоь г1аьтти,
Турпалхойн сийдеш!
2012 шо
Школа
Гуьйренан сентябрь-батто,
Дешархой гулбина схьа,
Вовшашна кхин са ца гатдан,
К1ордадаллалц , даь1на са.
Керла хаарш, керла зиэраш
Кегийрхошка хьоьжуш ду.
Дешарна ца хила къера,
1илма 1амо дезар ду.
Мехкан лаьмнаш, талла, довза
Лаьттан 1илма 1амор ду.
Даймохк безаш, хила говза
Массеран а декхар ду.
Б1аьсте ю йог1уш
Б1аьсте йу йог1уш, б1аьсте ю йог1уш,
Б1аьсте, б1аьсте, йа марша хьо!
1аламан беркатийн даьсти ахь дог1а,
Хетийца кхушара цхьа башха хьо.
Хаза кхаъ кхаьчна ,самукъадаьлла,
Охьахьаьдда татолаш-хиш.
Зарзарш до хелхарш, самалхадаьлла,
Т1аьхьара лоькху исбаьхьа йиш.
«Гур-гур-гур»- бохуш кхокхий дека.
Ткъа лерехь - хьозийн зевне «ч1и-р-р».
Жил-1алам денделла, заза эга,
Йовхо луш лепа маьлхан нур.
Б1аьсте йу йолуш. Б1аьсте йу текхаш,
Даржадеш сийначу дарийн кир.
Цунна бен хуур дац духар тега,
Шунашна йоккхуш баьццара тир.
Б1аьсте
Б1аьсте, йа хьо могаш-маьрша ,
Дахьаш шортта беркат-ирс
Дуьненна т1ехь баржош машар,
Т1амна хьееш луьра ч1ир,
Кхин ца дохо дегнаш берийн,
Жил1аламо ч1аг1о йеш,
1енош маьрша заза генийн,
Массанхьа и даржадеш.
Б1аьсте, йола цкъа мукъане ,
Хьостуш нана-Нохчийчоь,
Ма хир дара-кх самукъане ,
Дог ца тоь ,сатуьйсуш хьоь.
2002
Йуха а гуьйре
Аьхкенан ченаш,
Дог1анца йойъуш,
Дашо шен т1емаш
1аламехь ойъуш,
Бос сирла гуьйре
Йеъна схьах1оьтти!
Механ дин хоьхкуш,
Г1а-патарш 1енош,
Дацделла денош,
Сихдина лоьхкуш,
Бос мокха гуьйре
Чехка схьакхечи.
Дахкарла хьерчош,
1уьйренаш шелъеш,
Дерзаца чехош
Бецийн самалдеш,
Бос шийла гуьйре
Г1ийла т1екхечи.
Муттане стоьмаш
Бешара гулдеш,
Чоме хасстоьмаш
йочанах хьулдеш,
Бос токхе гуьйре
Йеъна схьакхечи.
Метаграммаш*
1. Ладог1арца, соьга хьовссал
Хьекъале д1ахьур бу къовсам,
Юкъара ду шуьга хаттар
Х1ун йу алал ненан маттахь?
Кога йуху такхон м…
Нанас кечбо мерза кх…
Даймахках хьайн лазахь д..,
Хьалха хьожуш баккха к..
Г1евланга вай буьллу г1 …..
Дарбане стом лору хь….
Маса дин бу лекха г…
Т1амарш тесна даьккхи кх…
Кехатан т1ехь шекъан й…
Ши керт йоькъуш дина д…
Х1ума яа дуззалц г…
Эчиг соьмех олу ш..
Т1улгех йина б1ов ю г1...
Сингаттамах олу б...
Г1уй д1абуллуш къовла к..
Муьшкаш йича долу д..
*Метаграмма-иза хьекъале хаар ду. Элпийн мог1арера цхьа элп ду каро дезаш,керла маьь1нийца дош кхоллархьама.
2. Дешнех ловзар
Луург соьца дешнех ловза,
Лерса ирдай, хила схьа.
Цхьаьна язйийр ю вай говзар.
Г1о де, нисъеш чаккхе д1а.
Лелабо 1ай коьртахь к..
уьйт1ахь, чохь а хьокху н..
Ков д1акъовлуш буллу г1..
Доьша дутту-ж1аьлин г..
Б1аьста арахь сенло б..
Хьуьнхахь беха кура с..
Хи т1ехула туьллу т1..
Механ 1уьрга дуьллу т..
Хи чохь беха чабакх-ч1...
Иза лоцуш буг1у м1...
Болх беш куьйга духу к...
Хьуьнхахь кхуьу ц1улла-с...
Кхид1а ,бераш,язде шаьш,
Дуьйцуш-олуш, мукъа 1аш!
Сада1аран миноташ
1.Оха А- элп* йаздира, йаздира, (куьйга х1аваэхь элп йаздаран ишар йо)
Цуо тхан куьйгаш даздира*, даздира.(куьйгаш хьала дохуьйту-охьадохуьйту)
Х1инца жимма садаь1на, (меллаша доккха са доккху чу-ара, хьалаг1овтту)
Кхин д1а 1амор ду маь1на.(Хьалаг1овтту)
Куьйгаш айде, дегадиэ, дегадиэ, (куьйгаш дегадо, пхианна т1екхаччалц дагар а деш)
Цхьаъ, шиъ, кхоъ, диъ,пхиъ,
Куьйган п1елгаш дагардие, дагардие,( п1елгаш а саттош, дагардо рог1ехь,цкъа аьтто куьйган, йуха аьрру куьйган)
Цхьаъ, шиъ, кхоъ, диъ,пхиъ,
Охьаховша, делало, делало,
Деша-йаздан дуьйлало, дуьйлало.
элп* (можно подставить любую букву или буквы во мн.числе-элпаш)
Даздира* -« к1аддира, г1елдира» маь1нехь, рифма-мукъам нисбеш..
2.Цхьаъ-шиъ, цхьаьна хьалаг1овтта.
Кхоъ-диъ, стигал хьалакховда,
Пхиъ-ялх, зевне тоха куьйгаш,
Ворх1-барх1, каде тоха когаш,
Исс-итт, д1аьндарг санна хьовза,
Белшаш лаций, д1асахьовса,
Дог1маш нисдай, охьаховша.
3.Курра лела сай,
Хьоьшуш сийна бай,
Д1асахьоьжу и ,
Мала лоьхуш хи.
Хьокху шийла мох:
-Ш-Ш-Ш-
Уг1уш хеза борз:
-У-У-У-
Майра лелла сай,
Ц1еххьана д1абай!
4.К1адделий шу ,бераш, деша,
Дуьло соьца 1ежийн беша,
Хьалакховдий,1аж схьабаккха,
Ведар дузур ду вай т1аккха.
Каде тов1а хьала-охьа,
Же,катоха, довла йохье.
Диттийн генаш лестадеш,
Стоьмех парг1атйаккха беш.
Х1инца салам а лой вовшийн,
Шайн-шайн метта охьаховша.
Ненан матте
Г1абецан и "шур-шур"
исбаьхьа хазадеш,
Шовданийн дато "булкъ"
Лерехьа сецадеш,
1индаг1ийн тийналла
Патаршца эт1аеш,
1аламан зевналла
Сов башха йекайеш…
Ма хаза бека хьо,
Сан ц1ена Ненан мотт,
Ма оьзда бека хьо,
Дайх бисна нохчийн мотт.
Хьалхе байлахь йисинчу
Х1ажарний,Фатиминий
Цхьалха й гуьйре,
Шийла йеъна 1уьйре,
Ши йо1 байлахь юьсуш,
Г1ийла узам буьсуш.
Церан да д1акхелхи,
Ши нана а йелхош:
Цхьаъ -ша вина нана,
Шолг1а- берийн нана.
Х1инца шуьшиъ йиси
Цхьалха, нана йоцуш,
Цуьнан цхьа васт диси,
Шух д1акъаьстар доцуш.
Гуьйре, тиша гуьйре,
Кхечи йелхош 1уьйре.
Цхьа сингаттам биси,
Ши йо1 байлахь йиси…
2007-2008 шераш
Б1аьстенан юьхь
Йекхаеш, йелаеш адаман йуьхь
Йолало йуха а б1аьстенан йуьхь,
Дитташа 1енадо к1айн-ц1ег1а заза.
Ч1енигаш эт1аш, уьш дой техьа лаза?!
1уьйренца стиглахь д1адаьржича са,
Зарзарийн эшарша декхадо са.
Г1абецийн шур-шур а шатайпа хеза.
Дуй техьа 1аламна х1ума цул деза?
2008 шо
Этюд
1аламо шен сирла б1аьргаш-
стигал сийна,
Д1ахьаббийча, хьошалг1а
Схьах1утту, йог1ий, буьйса,
1аьржа-тийна…
Стенга дахна а ца хууш,
де д1адов.
Самадолу 1алам саде1арца
ц1енчу х1уоца,
Серло тулу, т1ап а олий,
бода бов…
2002 шо
Нана, Нана, сийлахь Нана!
Хьан дикаллин доза дац.
Нана, еза хьо массарна,
Хьо йоцуш дерг дуьне дац.
Г1ийла кога ага техкош,
Мел йайира буьйсанаш,
Мерза-къаьхьа г1енаш къехкош,
Иллешца со йижаеш.
Ялсамане боьду некъ а
Хьан когашкахь гайтина.
Дахар кхолла векал йина
Ю-кха хьо яийтина.
Нана, Нана, хьоме Нана!
Нур духьо сан дахарехь,
Хьох яьлла ца йисчахьана,
Ловр бу муьлхха беза мохь.
Нана,Нана, дика Нана!
Хьан сийлаллин доза дац.
Дахар тала со 1амийнарг,
Хьо ца еза бахьна дац.
Свидетельство о публикации №126082704098