Ч1ег1ардикийн къамел

Раг1у к1елахь, суьлхьа доккхуш,
Хиъна 1ачу Бабин лерехь
Хезаш, иза  цец а йокххуш,
Ч1ег1ардикийн къамел дара:

-Кьилбехьара тхо ц1а кхечи ,
Дахьаш беркат  «Ч1и-ч1и,ч1и-ч1и».
Даггара тхо т1е ма леци
Х1усамдайша «Ч1и-ч1и,ч1и-ч1и»!

Дендеш поппарх дина баннаш,
Гуотуьйсур бу  «Ч1и-ч1и ,ч1и- ч1и».
Вовшийн йохье дуьйлуш  денна,
Кьахьoьхьур ду «Ч1и-ч1и,ч1и-ч1и».

Хьийзар ду тхо х1ора кертахь,
1уьйре денйеш,«Ч1и-ч1и,ч1и-ч1и»
Х1ара аьхна аьхке бертахь
Д1ахьур йу вай «Ч1и-ч1и,ч1и-ч1и".


Рецензии