Бакъдолу ирс
Дахар ша-шах нислур аьлча!
Сан деган Са соьца къуьйсурш,
Хила там бу курра хьуьйсуш!
Шаьш лелинчу бозбунчаллех,
Хетарехь,уьш шек а хир бац,
Дуьненахь шаьш лелинчунна,
Цкъа мацца а дохко бевр бу...
..........................
..........................
1аламанна х1аваъ санна
Хьан са юххехь оьшу Синна
Адамна и Хьава санна,
Хьуна муьт1ахь хила лиъна!
Бертахь хуьлуш дахар-1ойла,
Хьог1ан б1аьргах вай лардойла!
Эхартана пайдехь долуш,
Бакъонна т1ехь вай нисдойла!
Хьо ца эша бахьна дац сан,
Дика Да ву,Х1усамда а!!!
Дала сайна делчу ирсан,
Хастам барца йеха даим!
Свидетельство о публикации №125101402374