Йо оха декъала!

Хьехархойн денца хьо  йо оха декъала!
Баркалла, Амина, баркалла хьуна!
Къахьоьгуш хаддаза, кхиадеш хьекъалаш,
Хьайн деган йовхо ло ахь дешархошна!

Совг1ат ду хьо хилар тхан берийн хьехархо,
Экама, ховха бу хьан цаьрга безам!
Цундела лору хьо, массарна йеза хьо!
Шеко йац, дешархой бу хьуна реза!

Цхьа  а ца къеставеш, массаьрца цхьатерра,
Йу даим эсала, т1ех к1еда-мерза!
Хьоь болу тхан лерам буста йиш йелара,
Карор дац мел лехарх и оза терза!

Къинт1ера йалалахь хиллачу ваьснашна,
Хьакъ долу тергам хьайн ца бинехь оха!
Йехийла ирс долуш, ца боху дашна и,
Лелийла, кхиамех йаккхиййеш ч1ог1а!


Рецензии