Акростих брату

Амал йу хьан к1еда-мерза
Догдика сан Нанас винарг
Аллах1 волуш хьайна  реза,
Могуш-маьрша хьо вехийла!

Даим хуьлда иман- беркат,
Ирсо дузийла хьан  дахар,
Комаьршачу Аллах1-Дала ,
Алсам лойла хьанал бахам !

Винчу ненан терго йо ахь ,
Адамалла гойтуш денна,
Шортта ду хьох ала дикнарг,
Амма тоуьйтур ду ханна!


Рецензии