Палестина
Хьо тапъаьлла ма д1атийна!
Хьайн дахар т1улгех д1аийна!
Палестина! Палестина!
Беркатечу лаьттах хьийна,
Аллах1а хьо ч1ог1а зийна …
Палестина! Палестина!
1ожалло шен болар дина,
Мацалло хьо х1оттайина!
Палестина! Палестина!
Хьуна т1ехь и та1зар динарг,
Ма волийла цу хьан къинах!
Свидетельство о публикации №125080600449
Хаза дешнаш ду, ма шаа Аллах1. Дала аьтто бойла.
Ларамца,
Шами Иса 19.07.2026 06:02 Заявить о нарушении