Бодано хьулйина шена т1ехь стигал
Бодано хьулйина шена т1ехь стигал ,
1адийна , йагийна лаьтташ йу Г1азза,
Йа Робби, г1о - орца кхачаде цига,
Ямартчу экхашна бекхам беш б1озза!
Х1оъ-молха ца кхоош, х1аллакби цара-
Зударий, баккхийнах, заь1апнах, бераш.
Адмаллин васт шайгахь ца дисначара
Мацалла х1оттийна, бина мохк хьере!
Йа Аллах1, Гуш Ву Хьо б1арзделла Уммат,
Йишйоьхна, кайоьхна, дан амал доцуш!
Дац тхуна 1аламехь Хьол деза х1уммаъ,
Хьажахьа тхан балхе, тхоьгахь г1о лоцуш!
Йа Аллах1, йезачу Хьайн Ц1ерийн дуьхьа,
Г1азотехь эгначу шах1идийн дуьхьа,
Дайх-нанойх къаьстинчу буоберийн дуьхьа,
Г1аззерчу бахархойх къинхетам бехьа!
Лаьтта т1ехь бусулба дин толадехьа!
Мискачу лайн до1а Ахь къобалдехьа!
Свидетельство о публикации №125080600317