Вешина совг1ат

Бисмиллах1иРрохьманиРрохьийми
 Вешина совг1ат

Ризван,хьайн Маликан «ц1е» къобалйеш,
Г1ийлачийн даим ву хьо тергамбеш!
Догдика хьо  хилар Гуш волчу Дала,
Хьан Дуьне , Хьан Эхарт декъала дойла!
Хьо дукхавезачийн хьан вуон ма гойла,
Хьан синна мел безарш ирс долуш 1ойла!
Хьо санна комаьрша нах к1еззиг байна!
Б1аьрмециг мел болчийн  даим сий дайна!
Хьо  дика, догдика, комаьрша Ваша
Хиларан тоьшалла до-кха хьан Йишас!


Рецензии