Акростих от коллеги

Пен ца бетта ахь г1уллакхна, дашо куьйгаш ду,
Еза, лору массара хьо, догц1еналла гуш.
Т1емаш пох1маллин ца кеглуш, маьрша йахалахь,
Ахь дага мел лаьцнарг къобал хуьлуш дахарехь.
Массо дика керта хьийзаш, йехийла дукха,
Аганан ахь иллеш дохуш берийн берашна,
Тоьллачу говзаршца дуцуш ирсан бустамаш!

Лерамца, Хьурмат Татаева /Эскиева/


Рецензии