Деган зезаг -Нана

Ма эрна ца аьлла наха:
-Деган зезаг ду-кха Нана!
Цунах доьзна ирсе дахар.
Дуьне доладелчахьана.

-Дечиган а,Нана тоьлу!-
Йацаре и,дустуш, дилча!
Берийн дегнаш ирсе доьлу,
Ненан йовхо шайца хилча.

Бакъо йац дог дохо ненан,
Оффай,олуш б1аьра хьажа.
Сийде цуьнан йолчу хенахь,
Ирсе йан и даим хьажа.

Вайн дахаран чам бу мерза,
Иза кхалош  нана мел йу,
Дала мукъ лахь,мизан терза,
Нана бахьнехь дазлур ма ду.


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →