Ишколе со йеъна деша

       Раянина лерина
Ловзарш дуьтуш  берийн бешахь
Ишколе  со  йеъна, деша ,
Со-м йоккхайай, йалх шо ду сан!
Къахьоьгур ду дийнахь-буса,

Хьехархо йеш  сайна реза,
Шардийр ду ас дешар-йоза,
Х1ора дийнахь дог1уш пхиънаш
Делор ду ден-ненан дегнаш.

1амор ду вайн къоман г1иллакх,
Коьрта мехала и хилла-кх,
Толлур йу вайн мехкан хазна,
Декъалхилла Даймохк безнарг!


Рецензии