Сийлахьчу Макка

Аллах1ан ц1а долчу- сийлахьчу Макка
Кхечи тхо Юха а Хьаьж-1умрат дехка...
Адаман зурйато шен гуонаш дохуш,
Аллах1ан и еза ц1ераш ю йохуш.

Я Аллах1,Хьо Цхьаъвар ч1аг1дечу нехан
Тоба го,дуьненахь денна совъюьйлуш,
Ца хедаш, схьахеза  до1анаш деха...
Дарбане Замзаман шовда ду муьйлуш.

Алхьамдулиллах1и Хастам бу Далла,
Бес -бесара кьаьмнаш гулдарна,цхьаъдеш.
Субхьаналлох1и,Ц1ена ву  Аллах1,
Доссийнарг Къуръан Шен, Ислам-Дин бакъдеш!


Рецензии