Мотт-къайле

Нохчийн меттан
Аьзнийн,элпийн
Йу шатайпа къайле.
Дешнийн метта
долчу аьзнех
Масех маь1на далар.
С-аз цхьаъ ду
Царех х1инца
Туьдун дерриг вай.

С-дег1ан чалх лелайийриг,
С-боданех серлойийриг,
С-пенашнкахь биъса бийриг.
С-пехашна токхойийриг.
Къ элп-аз ду кхин а башха,
Къ-къинхетам шен бух берриг,
Къ-зуламна гергавуьгург,
Къ-къинхьегам пайдехь бийриг.

Г-дитташ т1ех духар дериг,
К1-кенашкахь кхуьу буьртиг,
Ц1-1ер-дахаран х1усам йериг,
Кх-оханна кечъйен меттиг,
Ч-хьуьнхьара дера акха,
Ч-якъийна бецаш, докъар,
Т1-бежанан дег1ан дакъа,
Ш-хи т1ера шера экъа,

Ж-уьстаг1ийн цхььанакхетар


Рецензии