Юьхьанцарчу школана

1.Оха А- элп*  йаздира, йаздира, (куьйга х1аваэхь элп йаздаран ишар йо)
Цуо тхан куьйгаш даздира*, даздира.(куьйгаш хьала дохуьйту-охьадохуьйту)
Х1инца жимма садаь1на, (меллаша доккха са доккху чу-ара, хьалаг1овтту)
Кхин д1а 1амор ду  маь1на.(Хьалаг1овтту)
Куьйгаш айде, дегадиэ, дегадиэ, (куьйгаш дегадо, пхианна т1екхаччалц  дагар а деш)
Цхьаъ, шиъ, кхоъ, диъ,пхиъ,
Куьйган п1елгаш дагардие, дагардие,( п1елгаш а саттош, дагардо рог1ехь,цкъа аьтто куьйган, йуха аьрру куьйган)
Цхьаъ, шиъ, кхоъ, диъ,пхиъ,
Охьаховша, делало, делало,
Деша-йаздан дуьйлало, дуьйлало.

элп* (можно подставить любую букву или буквы во мн.числе-элпаш)
Даздира* -« к1аддира, г1елдира»  маь1нехь, рифма-мукъам нисбеш..



2.Цхьаъ-шиъ, цхьаьна хьалаг1овтта.
Кхоъ-диъ, стигал хьалакховда,
Пхиъ-ялх, зевне тоха куьйгаш,
Ворх1-барх1, каде тоха  когаш,
Исс-итт, д1аьндарг санна хьовза,
Белшаш лаций, д1асахьовса,
Дог1маш нисдай, охьаховша.




3.Курра лела сай,
Хьоьшуш сийна бай,
Д1асахьоьжу  и ,
Мала лоьхуш хи.
Хьокху шийла мох:
-Ш-Ш-Ш-
Уг1уш хеза борз:
-У-У-У-
Майра лелла сай,
Ц1еххьана д1абай!

4.К1адделий шу ,бераш, деша,
Дуьло соьца 1ежийн беша,
Хьалакховдий,1аж схьабаккха,
Ведар дузур ду вай т1аккха.
 Каде тов1а хьала-охьа,
 Же,катоха, довла йохье.
Диттийн генаш лестадеш,
Стоьмех парг1атйаккха беш.
Х1инца салам а лой вовшийн,
Шайн-шайн метта охьаховша.


Рецензии