Нохчийчоь денлур ю

Нохчийчоь денлур ю
                Г1оттур юй? Ас вала дуьллу;
                Г1оттур ю  г1оттучу малхах,
                Яха кхин малхах ца туьлуш. 
                Л.Абдулаев

Хьан синан лаамна гел хьовзош,
Чахчийна,г1елйина маршонах ойла
Юткъелла йисинчу дийнахь
Юха а тешамо дог хьаьсти,
Кхиош сан ойланийн оханехь
Сирла сатийсам!
Тешайи ахьа со,Нохчийчоь денлуш ю,
Кечлуш ю  Бакъонна г1атта,
Ткъа Низам лардарехь турпалхой  кийча бу
 Бакъонан г1ароллехь латта,
«Белларш схьабелара»,бохуш вай
Дехийла, сийдолуш, Даймехкан хьаьттахь
Дала хьо лардойла,беркат луш ,
Бакъболчу  Къонахех дисина Латта!!!


Рецензии