Эхартан ял
Дитинарш буха ас,ца лоьхуш хьал,
Эзарнаш шерашкахь дахалаш хьанала,
Сан синна эхартахь хулуьйтуш ял.
"Шу1араъ" ц1е йолчу суратехь бийцина
Харц-бакъ ца къесточех ма елаш со.
Хьаналниг хьарамчух тардина,хийцина
Дуьне-шовкъ хесточех херйелаш со.
Цу дезчу Къуръанахь магийнчу,хьехийнчу
Декъала хинболчех тохалаш д1а,
Вайн Элча хестинчу,ши юьхь ца лелийнчу,
Бакъдешан геланчех хилийта цхьаъ!
Свидетельство о публикации №121052704734