Нохчийн мотт

Нана хьоме хетахь хьайна
Орам болуш велахь ц1ена ,
Хаа беза хьайн мотт хьуна,
Чохь-арахь и бийца денна.
И-м  ду дедайшкара  совг1ат,
Йолуш  шеца иесан   йовхо,
Нохчийн къоман  шира дахар
Машар,маршо  цуьнца лехар...
Олуш вайн дайшкара  хезна-
Тешаме ву шен къам дезнарг,
Тоьллачех ву шен мотт безарг.


Рецензии
Шен меттахь, доцца, маь1не...

Ларамца,

Асламбек Гайтукаев   06.07.2022 12:24     Заявить о нарушении
Асланбек,Дела реза хуьлда,тидам барна!
Лерамца, Пет1амат

Петимат Абубакарова   07.09.2022 11:15   Заявить о нарушении