Нохчийн маттаца къамел

-Юха а б1аьстенан сан Де ду дог1уш,
Кху дийнахь массара сийъойу сан,
Ткъа и де т1ехдели,д1атоьхна дог1а,
Шарна д1абуьллур бу т1орказ чу со.
Ненан мотт ца лорург лерина к1илло,
Х1етте а со оьшурш дукха ца го.
Соьца уьйр ца лелорг къомах д1атилла...
Ванах,аш сан пусар х1унда ца до?
Сатесна беха со даим т1едаре
Оханан беттан  ткъе пхиалг1а  де,
Б1аьстено а башха кхалайой аре,
Зарзарийн мукъамца лоцу  со т1е.


2023-шеран жоп

-Кхаъ бу сан,нохчийн мотт,тахана баккха,
Дерриге сан денош хьан долахь ду.
Ч1аг1о йо денна хьан сий лакхадаккха
Мехкаден омрина вай муьт1ахь ду.

Бакъо йу тахна хьан,хьайн ирсе кховда,
Къоманна,махканна парг1ато луш.
Хьаьар ду лиешарца хьан аьзнийн шовда,
Хьекъар ду,диебар ду беркате х1у.
 


Рецензии