Нохчийн мотт кхиорехь,иза халкъана юккъехь говзаа,исбаьхьа а бийцарца баржорехь ондда къахьоьгуш схьаеъна Яха Исраилова.Цуьнан «Нохчийн мотт –къоман хазна» передачехь дакъа лацаза к1еззиг нах хир бу вайн махкахь .Тахана,Яха йина де ду,даггара иза декъала а еш д1айоьшур ю цунна лерина,акростихан кепехь язйина байташ.
Нохчийн мотт-къоман хазна!
Я ц д1айовр дикачу адаман ц1е,
Х ала дац ишттачух ала дош довха
А са байт язйарца т1еч1аг1до и,
И за-м хир хьо йинчу денна сан совг1ат!
С ил дукха безаш ю хьо къоман мотт,
Р еза ю и кхиош доггах къахьега,
А хь «Хазна» шех олу вайн нохчийн мотт-
И за-м хьан озаца исбаьхьа бека!
Л аа дац, байташца хьо хастаяр,
О сала дахарехь ца гайти цкъа а,
В он-дика хууш ю хьо къастадан,
А мал а ю дика, ша хасто хьакъ а!
Мы используем файлы cookie для улучшения работы сайта. Оставаясь на сайте, вы соглашаетесь с условиями использования файлов cookies. Чтобы ознакомиться с Политикой обработки персональных данных и файлов cookie, нажмите здесь.