Мовлид Висаитов дагалоцуш

22 декабрехь "Къоман сий" передачехь дакъалоцуш,дийцаре дира Висаитов Мовлидан дахар.Передача кечйинарг яра Элиза ? ,дакъалоцурш-хьехархой а,дешархой а.
Историн кандидат йолчу Берсанов Хож-Ахьмадан Залпаа дуьззина а ,кхоччуш а жоьпаш делира шега деллачу хаттаршна.
Висаитовга хаттарш дира  "Даймохк литературни клубан" декъахоша. Арсанова Хадижата-34 -чу школан дешархочо доьзалех дерг хаьттира.Залпаа шен дахарехь юххера вевзаш хиллачу Мовлидан к1антах Сайпуддих а,цуьнан доьзалех а дийцира.Ден сийлаллин ц1е дика д1акхоьхьуш хилар довзийтира.Ткъа Хасуева Селимас-оццу клубан декъашхочо, Соьтлжа-г1акларчу 7 -чу гимназин дешархочо хаьттира бераллин шерех.Залпаа ша дешан говзанча хиларе терра, довзийтира Висаитовн бераллех шена Сайпуддигара(х1инца воцуш ву и,Дала гечдойла)хезнарг.Жимчохь дуьйна говраш езаш а,царна саделла вара Мовлид.Цуьнан бекъа дедас д1а а йоьхкина,юха долаяккхарх хаза дийцар далийра Залпаа.Къаьсттина дагах кхийтира  передаче дакъалаца еанчу Котар-Юьртарчу 3-чу ишколан 5-чу классан  дешархочо Абубакарова Фаризас йийцина Висаитов Мовлидна лерина  стихотворени.
Ткъа байташ язйина х1окху мог1нийн авторо, передачехь дакъалаца йоьдуш.

Дешт1аьхье(Постскриптум)

Махкана т1ебеъча т1еман бала,
Са д1адала кийча хуьлу Къонах!
1алашонца шен халкъ лардан вуонах,
Реза хуьлу даим хьалха вала!

Ишттачех цхьаъ- Висаитан Мовлид,
Мостаг1 эшош,летира дог-майра,
Хийла  ира киртигаш цуо лайра,
Шен еза ц1е, сийдеш,къоме кховдий!

Терка т1ера Эльбе кхаччалц некъбеш,
Доьналла-яхь гайти лекхчу ломал,
Замано ха хецарх, лоруш къомо,
Вехар ву и хилларг иесехь бакъдеш!

 
 Передача д1ахьош цхьа х1ума карладели суна:
1987 шарахь дара и-10 классехь доьшуш яра со.Тхан доьзал цу шарахь Казахстане кхаьчнера,историн урок яра тхан йоьдуш.
Книги т1ехь Даймехкан боккха т1ом буьйцучохь, хьахийна дуккха а къаьмнаш дара, нохчий боцурш. Классерачу  дешархоша билгалдаьккхира иза: шу т1амехь дакъа лоцущ цхьа а ца хилла,шу турпалхой ца хилла, шу къам ма дац цхьаьнхьа а хьахийна. Со юьйхира,я мегарг ала х1ума а ца карийра.Суна хаьара сайн къоман турпалхой хиллий,Шаид Рашидовн байташ т1аьхьа даьккхинатурпаалхойх лаьцна илли-м ас 2 классехь йолуш дуьйна олуш а дара."Турпалхой кхиина турпала наной". Амма цхьа Ханпаша Нурадилов воцург кхин дага ца веара,аьлча а тхуна кегийчарна ца бевзара.Компартин "перестройка" юкъайолуш бен яцара.Хораман шад х1оьттира логахь, суна хала дара и харцо лан. Амма замано, т1аьхьа делахь а бакъонан дог1а даьсти.Тахана таро ю вайн вайн къоман турпалхой беза а, бовза а. Дала  вайн къам сийлаллин дарже кхачадойла, турпалхойн сийдан а, уьш лара а ницкълойла вайн т1ейог1учу ханна а.
Тахана кху передачехь вайна карлаели дуьненахь а вайн къоман башха  сий айъинчу  волчу бакъволчу турпалхочун Висаитов Мовладан ц1е


Рецензии