Заманан векал

               
(Кадыров Рамзан-Хьаьжина лерина)


Вайн Заманан векал хилла,
Хьайна кхаьчна деза дукъ,
Вог1у хьайца доцуш х1илла,
Нийсонан карлаьцна мукъ!

Массанхьа хьан беркат кхочу,
Кхочу комаьрша хьан куьг,
Лардан лууш  хьайн къам вочух,
Х1ораннан ахь оьцу дог!
 
Спорт, культура, 1илма,дешар!
Хьан тидамехь -шадерг ду,
Дас биллинчу некъах тешар-
Коьртачех цхьа декхар ду!
   
И некь бу -Маршонан г1айракх,
Ирден хьекъал,кхетам,яхь!
И некь бу-Машаран байракх,
Ч1аг1дендерг къам доьналлехь!
2020


Рецензии