Самадовлий вай

      
Дуьненан  рицкъанех 1ехалуш вай деха,
Абаден дахаран ойла  ца йеш…
Сел ч1ог1а нафсано х1унда до вай 1еха,
Дицдарца ваьш хилар Аллах1ан леш.

Иманца дахий вай,вовшийн сий-пусар деш,
Д1айаккхий  дегнашкахь гулйелла хьаг1,
Мулкалмовт ма ду вайн х1ора сахьт дагардеш,
Цхьаьнна а ца хаьа,хьаьнгахь ю раг1.

А`даман т1аьхьенаш зуьйш ма йу Латта т1ехь
Кхоьллинчуо, юх-юха къинхетам беш…
Нислой вай,шалхонаш д1аяхий,Суннатехь,
Ган лууш вай делахь Фирдовсан беш!
 
               
 21.06.2002 шо


Рецензии
Кхетам луш,дикане кхойкхуш, вуонах лардаларан некь хоьхуш дика чулацам болуш ю байт!Дала аьтту бойла хьан!
Ларамца,Азман,

Аза Атагинская   05.05.2020 20:45     Заявить о нарушении
Дела реза хуьйла,Аза!
Ларамца,

Петимат Абубакарова   16.10.2020 11:05   Заявить о нарушении
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.