Хьагг1ий, Яххьий

Хьагг1ий,яххьий  къовсаелла,
Шай-шай ма ю,  алсам  аьлла!

Къамел доладира хьог1о,
Луур ду и дийца,хьахо.

Хьаг1:
-Д1ахьажал хьо,балхахь,новкъахь,
Ц1ент1ехь,арахь  дог1уш-доьдуш
Хаза,тайна адам делахь,
Керла бедар йоьг1на делахь,
Ц1енош-даьхний цуьнан делахь,
Я 1илмангахь къаьсташ  делахь,
Лан а ца лой  иза ч1ог1а,
Со чуйулу,синош дог1уш,
сайца бертахь  волучунна,
дог т1ех 1аьржа долучунна!

Хьог1о  дуьйцучух  цецйолий,
Яхьо,ойла а йой,олу:

Яхь:
-Ма харц лоь хьо,сийдоцу хьаг1,
Ладог1алахь,соьгахь ю раг1…
Новкъахь,ц1ент1ехь,чохь я арахь,
Хаза,тайна  адам  делахь,
Керла бедар йоьг1на делахь,
Ц1енош-даьхний цуьнан делахь,
Я 1илмангахь къаьсташ  делахь
Йоккхаерца  цунах   ч1ог1а,
Со а хуьлу  кхаьънаш дог1уш
Сайца бертахь  волучунна,
Дог т1ех ц1ена  долучунна,
Варе,малонча ма хила,
Дахар кхиош хьалха хила.
Аса-м дахар кхиадой,
Адам ирсе,декъалдо!

Ерзош байташ  лаьа  ала,
Лардойла вай хьог1ах Дала,
Цуо дог 1арждо,ц1ий а бехдо,
Адам, доцчу доккхий, дайдо.
                2008 шо




 


Рецензии