Сагалматийн дуьненахь

-Полла,полла,къорза Полла,
Ахьа стенна  бетта  лолла?
-Къа ца хьегча со ца болу,
Цундела ас аре толлу,-

-Зингат,ахь х1ун леладо?
Хьайл мохь стенна текхабо?!
-Къа ца хьегча со ца долу,
зингато а соьга олу.

-Накхармоза,накхармоза,
1енош бацалара заза,
Бина букъах денна х1оз,
Стенна гулдо ахьа моз?
Накхармозо соьга олу,
Къа ца хьегча ша ца болу.

Ишта ду 1аламан г1иллакх,
Къинхьегам цуьнан бух хилла-кх!
Бераш,хьоьгуш хилахь къа,
Латор дац вай цхьа а  къа.


Рецензии