Рабби1уль -Аувваль

Делан Калам кхайкхадеш,
Дуьне-1алам хаздина,
Юг1уш Динан сирла беш,
Дала Элча вазвина.

Мизан-терзан бакъонаш
Шен Умматна йовзийти,
И нуьре Дош Къурьанан
Халкъашна  довзийти.


Делан Калам доьшучохь,
Иман-беркат хедар дац,
Элчан Суннат лелочохь,
Зуламан х1уу хьекъор дац.

Делан Калам лардечо,
Элчан Хьурмат лардийр ду,
Ткъа Делан Дош лардечохь
Нийсо-низам  кардийр ду!

1438-1440


Рецензии