Ц1аьхьанна къандели сан дахар В одночасье судьба п
Ц1еххьана къандели сан дахар, нана,
Т1емаш а г1елдели хьох къаьстичхьана.
Дуьне кхоьлина го кху хазчу дийнахь,
Ца хилла малх дашо, хьо хилла сирла.
Хьан куьйган йовхоно хиллера латтош
Сан даг чохь безам а, сан сица васташ,
Б1озза а тоьшала да безамах лаьцна,
Елара хьох,сан синан са, ца езаш къаста…
Амма цу эхартахь, вайн Везачу Дала
Хир ю хьо къастийна. Ахь лайна бала.
Оьздачу вастаца, эсалчу дагца,
Къинхетам болчу цу Делан лаамца
Ялсаманан бошмашкахь йойла хьо хьаша,
До1анца хьо йоьхуш,лаьтта дог маьрша.
(В одночасье судьба постарела)
В одночасье судьба постарела,
Когда мама моя умерла.
Постарела, похолодела,
Ведь она моим солнцем была...
И рассвет, и моя улыбка,
Все куда-то, как в пропасть ушло..
Да,в природе души все зыбко,
А при наночке было тепло...
(наночка- мамочка)
Роза Дахаева 2018
Свидетельство о публикации №119070702266
Дала къинхетам бойла вайн массо беллачех а, вайх а!
Ларамца,
Асламбек Гайтукаев 08.05.2022 19:16 Заявить о нарушении
Роза Дахаева 08.05.2022 23:11 Заявить о нарушении