Бана Гайтукаева дагалоцучу Суьйренехь

Дуьне-м и д1адер ду,шех хилла пана
Хьан Сино гулбинарг буьсур бу бахам...
Хьо тхоьца цахиларх,оьзда йо1 Бана,
Хьан иллеш-м дисина, къоман са аха.
Сан йиша,кхаъ бу сан хьоь баккха тахна:
Нохчийчоь Харцоне  эша ца елла,
"Къийгаша гуо бина д1алаьцна стигла"
Маьрша ю,юха а ю нуьре-сирла...
Питане мехашка вай къар ца дели,
Даймехкан Сий лардан Къонахий бели,
Бакъонан х1орда т1е  цара т1ай тилли!
Цуьнан теш хили хьан "г1арг1улийн илли"!


                18.02.2018 шо


Рецензии
Къонахчуьнан санна ойланаш йолуш яра Бана.
Дала декъал йойла иза.
Дика ю хьан байт, Петимат.

Аза Атагинская   24.05.2018 17:59     Заявить о нарушении
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.