Ма дохко яьлла со

Бен-башха ца хеташ,
Хийла къа латий ас...
Ма дохко яьлла со,
Астаг1фируллох1!
Дех-ненах ца кхеташ,
Царна йи хийла  вас...
Ма дохко яьлла со,
Астаг1фируллох1.
Йиш-вешин дог дохош,
Эли-кха чаьмза дош...
Ма дохко яьлла со,
Астаг1фируллох1!
Лулахой ца лоруш,
кхарди-кха сайха уьш...
Ма дохко яьлла со,
Астаг1фируллох1!
Хьажо  ца дезаче
б1аьрса а дийг1и ...
Ма дохко яьлла со,
Астаг1фируллох1.
Диег1а  ца дезаче
Хийла ладийг1и...
Ма дохко яьлла со,
Астаг1фируллох1.
Кхача ца  езаче
нисделла кхачар а.
Ма дохко яьлла со,
Астаг1фируллох1.
Хьанала боцучех
Биина кхача а...
Ма дохко яьлла со,
Астаг1фируллох1.
Дуьненахь  мел еха
ца йинчу 1амална
ма дохко яьлла со,
Астаг1фируллох1,
Кхин д1а а мел еха
Хиндолчу къиношна,
ма дохкояьлла со,
Астаг1фируллох1и!

               Рабби1уль-Авваль,1439 шо.


Рецензии
Сан даггара язъина ахь и. Баркалла.доьвзаш хир ду вай

Инга Хаяури   11.06.2019 22:22     Заявить о нарушении
Инга,Дела реза хуьлда!Хазахийти хьо евзина.

Петимат Абубакарова   14.04.2020 23:23   Заявить о нарушении