Х1ун лоьху дуьненахь аса?

Х1ун лоьху дуьненахь аса?
Дахаран х1орда т1ехь лелаш,
Къурд ца би шовданах ирсан,
Кхоллам, со бехке ма елахь!

Мел лехарх сайн ирсан дог1а,
Дуьненахь кара ца ди-кха,
Цуьнга сатийсарна ч1ог1а,
Эхартан Кьайле схьа ги-кха…

 Барзахехь карор ду  ирс а,
Даггара Бакьдолчух тешахь,
Герга ду Дуьне вайх диса,
 Хир дац те  Фирдовсан бешахь?!


Рецензии