Сийлахьчу Макка

Аллах1ан ц1а долчу- сийлахьчу Макка
Кхечи тхо Юха а Хьаьж-1умрат дехка...
Адаман зурйато шен гуонаш дохуш,
Аллах1ан и еза ц1ераш ю йохуш.

Я Аллах1,Хьо Цхьаъвар ч1аг1дечу нехан
Тоба го,дуьненахь денна совъюьйлуш,
Ца хедаш, схьахеза  до1анаш деха...
Дарбане Замзаман шовда ду муьйлуш.

Алхьамдулиллах1и Хастам бу Далла,
Бес -бесара кьаьмнаш гулдарна,цхьаъдеш.
Субхьаналлох1и,Ц1ена ву  Аллах1,
Доссийнарг Къуръан Шен, Ислам-Дин бакъдеш!


Рецензии
Алхьамдулиллах1!
Дала къобал дойла хьаьж, умрат!
Хаза ду и дешнаш!
Дела реза хуьлда хьуна, сан Йиша!

Аза Атагинская   24.05.2018 18:28     Заявить о нарушении
Дала саг1а дойла хьан х1ора дош,лераме Аза!

Петимат Абубакарова   16.10.2020 09:55   Заявить о нарушении