Б1аьсте, токхе, аьрха б1аьсте!
Ас д1адоьллу хьуна дог,
Хьайн нуьраца иза хьастий
стамье,яста шовкъийн ног.
Башха,ирсе х1ара б1аьсте
Тамашийна синна го.
1аламан муьрашлахь къесташ,
Ойланашна синтем ло.
Даймехкан аренех хьерчаш,
Т1ома дуьлу илли сан.
Марзонан тулг1енаш керчаш
Маьрша даьлла хьийза са
Б1аьсте,дагна хьоме б1аьсте,
Ас д1адоьллу хьуна са,
Хьайн мехашца дог1а дастий,
Маьрша яккха ойла сан!
Свидетельство о публикации №117030412656
ма дик ду я хаза байта яхьаш окх б1ястенца хьо гуча ялла, Петимат.
Марша йог1ийла хьо.
Дашо Аргунская 12.03.2017 16:48 Заявить о нарушении
Делера маршалла хуьлда хьан синна а,дег1анна а!
Ларамца,
Петимат Абубакарова 19.04.2017 02:38 Заявить о нарушении