Дашо к1ужал-сирла гуьйре
Кхечи,шельеш 1уьйре-суьйре.
Кхечи,аьхке ч1ог1а тайна,
Чомехь стоьмаш бахьаш вайна.
Марша я хьо,гуьйре,олий,
1аламах самукъадолий,
Дуьхьал боду цуннна мох.
Хьежарх, малх а ца ло бох.
Берийн яххьаш екхаелла,
Вовшийн хьегна бевли уьш,
Дешаран мур болабелла,
Школахой бу олуш- луьйш.
2012
Свидетельство о публикации №116100802970
Чулацам к1орге бу.
Дала аьтту бойла хьан, Петимат!
Аза Атагинская 11.10.2016 23:56 Заявить о нарушении