Нохчийн мотт-сан деган хьоста
Бицбарх...
Цхьа ца вели суна довдан,
я со човхо.
Бакъду кхечу меттан дош
ца хууш хийци,
Хили, дерриг Дуьне,
сох хьан Довхо!
Суна-м ненан мотт
нур-жовх1ар хета,
Ас сайн некъан накъост
иза хоржу,
Цунах яьлча ,адмалла
довш хета,
Лекха хиларх ,хета
жимчу даржехь.
Нохчийн мотт, сан деган
мерза хьоста,
Азаллера
кхаьчна деза совг1ат,
Юх-юха и хьан
ц1еналла хьостуш,
Ца к1ордадо баха
дешнаш довха.
Свидетельство о публикации №116082308548
<3 <3 <3
Дашо Аргунская 24.08.2016 21:17 Заявить о нарушении
Петимат Абубакарова 26.08.2016 05:47 Заявить о нарушении