Бабас дуьйцу
Дорцехь хьийза лайн чимаш.
Тхан Баба ю таь1на- г1ийла
Б1аьрхиш ледош жим-жима.
Сих-сиха цуо дагалуьйцу
Ц1ера арадаьхна де ,
Юх-юха цуо хилларг дуьйцу,
Сирла б1аьрхиш ледадеш.
Хьонке яхна нана йолуш ,
Т1амт1е вахна волуш Да,
Яра Баба махках йолуш,
Цхьа а воцуш дола дан.
Делан къинхетам а тоьлла,
Ненах кхийтира и схьа,
Дада-м доьг1на ган ца хилла,
Т1амт1ехь кхалхарна ша д1а.
Иштта къиза махках доккхуш ,
Хьийзадина хийла къам,
Къематан и 1азап доккха,
Доьг1на кхин ма хуьлда ган!
Свидетельство о публикации №116040310181
Асламбек Гайтукаев 07.09.2022 16:50 Заявить о нарушении
Петимат Абубакарова 06.10.2022 14:35 Заявить о нарушении