Кьоманна са д1аделачунна

(Ахьмад-Хьаьжа дагалоцуш)

Мискачух,г1ийлачух кхетара дика,
Догц1ена Делан лай хиларна ша!
Маьршачу Дахаре адамаш дига,
И хьалхавелира,ца кхоош Са.

Да воцуш йисина Нохчийчоь денъеш,
Къоман сий айъада хьийгира къа.
Дайбаьхначу Лаьттан  шатайпа сийдеш,
Тодира, кхиийра беркате кха.

1емира харцонехь, собарх,ца вуоха,
Саьрмако шен махкахьйиллича ц1е.
Йицлур яц замано  хийцарх шен духар
Къоманна шен са д1аделлачун ц1е!


                05.05.15.


Дала 1алашвойла хьо , бусулба Паччахь,
 Нохчийчоь денъян схьавелла,
сийлахь Баьчча!
Умматна ахь болийна некъ
 пайдехь бойла,
 Иманан нур цуо дуьненахь
даржадойла!
Ма дукха хан ю-кха хьан васт
тхуна девза-
 Б1ешерашкахь хьоь сатуьйсуш
 эгна дедай!
Вайн халкьана хуьлуш даим
Аллах1 реза,
 Дебийла Исламан беркат,
д1а ца хедаш!


  ***   ***   ***
Хьан боху оьшур ю Исламан бакъо?
Хьан боху кьовлур ду Иманан нур?
Йиш ма яц Делан дош
Кхочуш ца хила,
Суннатехь   лелла дерг д1адан йиш яц!
Хезна ду цхьа Зама
йог1ур ю олуш,
Дерриге Дуьненахь
Бакъо т1ейолуш...
Дийцинчех тера-м бу
х1оьттина мур-
Даьржина  дуьненахь Исламан Нур-
14 б1е шо даьлла
Ислам-дин деъна,
И хаза кхаъ бохьуш Пайхамар веъна...


Рецензии