Сийлахь Элча вина бутт

Сийлахь Элча вина бутт,
Лоруш муъмин наха,
Дуьллу деза салават,
Докххуш  денна  саг1а

Пайхамарийн сирла нур,
Шена делларг Дала,
Тешна ду вай хиларх гур
Ялсаманийн  арахь.

Аллах1-Делан ц1ена Дин,
Толамца д1ах1отта!
Элча мел ца везачийн
Синош холчах1оттош!


Рецензии