Нохчийн Нана

Х1ара дуьне цхьана куьйга диллина,
Д1аделча а,к1еззиг хеташ,берана,
Доьзал кхиабо цуо ,чу садиллина,
Х1ораннан а б1аьра хьоьжуш лерина.

Хьоме ша бен кхин вац ,моьттуш к1антана,
Шел езаниг кхин ца хеташ йо1ана...
Ненан безам хеташ сийлахь дозалла
Иман-беркат долуш кхуьу доьзал а...


Рецензии
хаз дешнаш дукх, массо а Нанна хьакъ долу..

Марти Тамия   02.12.2014 18:55     Заявить о нарушении
Ненах лаьцна еш йолу ойла даим а ю-кх еза...
Дела реза хуьлда хьуна,Тамия!

Петимат Абубакарова   05.12.2014 21:36   Заявить о нарушении
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.