Дог ца дог1у Сердце ноет
Сагатдеш со г1ийла 1а.
Х1унда виси хьо ца вог1уш?
Сан кийрахь ду шийла 1а.
Кестта арахь хир ю б1аьсте,
Заза доккхур 1аламо.
Йокхаер сан сих д1акъаьсти,
Хьох яккхарна кхолламуо.
Реза ю со кховдинчунна,
Ловр ю муьлха а халуо,
Бакъду, лаарх ,цкъа долчунна-м,
Дагт1ера ца боьрзу муо.
01.03.2001 шо.
Свидетельство о публикации №113112510550